ПЛАТФОРМИ ТIЕРА ПАЙДАЭЦАРХОША ХIУН БОХУ?
Iумархьаьжин йоI Джамиева Сахабат
Платформо доккха гIо-накъосталла до уггар хьалха къоначу хьехархошна а, шолгIа - дешархошна а. Схьаэца дуккха а пайде дерг ду: тесташ, тIедахкарш, ловзаран кепаш. Оцу тIедахкарша гIо до Iамийнарг тIечIагIдан, хаарш карадерзорехь а. Иштта шаьш кхочуш бинчу белхан баллаш хаа йиш йу. Классал арахьара белхаш вовшахтухуш, ПКЭ-на кечам беш а, аьттонаш бо оцу платформо. Цундела иза чIогIа мехала болх бу мотт Iамо луучунна а, иза Iамош волчунна а.
Хасаров ШаIранин Рамзан
Вайн дахаран терхеш дIалаьцна керлачу технологеша, компьютерша, интернето. Iилманехь лаккхара кхиамаш бохуш гIо-накъосталла до цара. Иштта шен заманца доьдучу Iилманан хоршахь, нохчийн мотт кхиорехь йоккха гIоьнча йу "Desharkho" платформа. Урокийн эвсаралла лакхайаккха а, хьехархошна шайн балха тIехь керлачу стандарташца хаарш кIаргдан мехала йу и. Iилман новкъахь оьшу дика некъ а оьшу дика некьахо, ишколан кхерчашкахь доьшучу дешархошна дика некьахо ву "Desharkho" платформа.
Со тешна ву, иштта сайт мел йу, нохчийн меттан хазна кхуьург хиларх.