Фольклор

Некъал дехьа-сехьа веха ши ваша?
«Майра бIаьрзе, зуда мотт ца хууш йелахь, доьзалехь барт хуьлу».
Гуттара лесташ доьду и, амма цкъа а дIа ца кхочу?
ТIех мерза ма хила — тIе мел кхаьчначо а вуур ву хьо, аьрга стом ма хила — церг мел тоьхначо а дIакхуссур ву хьо.
Лакхахь лам леста, лахахь ло догIу?
Мел йиъча цайузург?
«Воьлучуьнга ма хетта, воьлхучуьнга хатта».
«ТIаьхьаваьлла лелачунна ца кхаьчна дакъа, рицкъа долчунна кхаьчна».
Хи — дуьне, дуьне эхарт хьанна ду?
Эчиг, дечиг, маIа, локкхар?