ДХТЦ-х хаам
Дешаран-хаамийн технологийн центр пачхьалкхан казенни хьукматан Нохчийн меттан институтан структурни подразделени йу. ДХТЦ кхоьллина пачхьалкхан казенни хьукматан «Нохчийн мотт а, истори а кхиоран институтан» 03. 04. 2020 №43 «Дешаран-хаамийн технологийн «Нохчийн электронни ишкола» кхолларх» омрица.
ДХТЦ «НЭШ» коьрта декхарш ду: нохчийн мотт а, литература а хаамийн-телекоммуникацийн «Интернет» машанехь жигарайаккхар, Нохчийн Республикин а, Нохчийн Республикин дозанал арахьа а болчу бахархошна нохчийн мотт геналлехь Iамор а, лаам болчарна массарна а нохчийн мотт сихха Iамон аьтто хилийтар, нохчийн меттан а, литературин а йукъарадешаран йерриге а программа (1-11-гIа классаш) электронни кепе йерзор, федеральни пачхьалкхан стандартийн лехамашца догIуш, нохчийн мотт а, литература а Iамочарна электронни хаамийн-Iаморан база кхоллар а, цунах пайдаэцар а, Нохчийн электронни ишколин официале сайтан дакъош хаамех дузар а, лелор а, кхузаманан хаамийн технологийн декъехь белхаш беш болу хьехархойн говзалла лакхайаккхар а, дешаран хаамийн агIонан кхачамбацаршкахула долчу декъан Iилманан-талламан балхахь дакъа лацар а.
Таханлерчу дийнахь центрехь болх беш итт белхахо ву, царах хIоранна а тIедехкина тайп-тайпана декхарш а ду. Белхахой шина тобане бекъна: хьалхара тоба урхаллин декхаршца болх беш йу, шолгIаниг – методически хаттарш луьстуш йу. Урхаллин декъехь болх беш болчара берриге а технически болх кхочушбо, йукъарадешаран цхьаьнакхетараллийн хьехархошца зIе латтайо, белхан тобанаш кхуллу, конспекташ гулйо, редактировать йо, дIайазйо, монтаж а йеш, сайта тIе йохку. Ткъа иштта цара лелайо социалан машанан агIонаш а, Инстаграм-агIо а.
Дешаран-хаамийн технологийн центр Iилманан белхахоша, Нохчийн электронни ишколана оьшу методически а, практически а материалаш кечйо. Хьалхарчу классан дешархошна элпаш а, аьзнаш а дагахь латтон атта хилийта туьйранийн турпалхойх пацдаоьцу, басехь кечдинчу суьрташца кечйо материалаш. Элпашна а, аьзнашна а ребусаш а, хIеталш-металш а кечдо. ПхоьалгIачу классийн дешархошна кечбина масех декъа тIехь болх: синтаксис а, пунктуаци а, фонетика, графика, орфографи а, лексикологи а. ХIора декъана иттана тIера пхийттанна тIекхаччалц тIедахкарш ду кечдеш. ХIинцале билгалйина кечйина 1-5-чу классийн нохчийн меттан курс. Иштта кечдеш ду кхетам кхиоран ловзарш а, тIедахкарш а: «Миллионер хила хьанна лаьа», «Дош даста», «Йукъахдитина элп караде», кроссвордаш, хаар-зераш и. кх.дI. Центран белхахой тешна бу, кхузаманан зеделлачух пайда а оьцуш, болх дIабахьаро, Нохчийн Республикин дешархошна, нохчийн маттехула а, литературехула а йолу ишколин программа карайерзон атта хир ду, аьлла.