Нохчийн мотт
Со воккхаве, ас хастам бо Далла
Нохчийн къомах Цо кхолларна со.
Нохчийн мотт Цо суна бийца белла
Сайн мотт лоруш ас дозалла до
«Матто кхуллу Даймохк» олуш, хезна,
Мотт д1абаьлча къам д1адолу бах.
И д1абарна кхоьруш сан дог лезна,
Мотт д1абалахь йовр йу нохчийн йахь
Ницкъ ло матто кху дуьненахь ваха,
Матто шовкъ луш сан дог доккхаде.
Дуьне мел ду хьакъ бу сан мотт баха,
Мотт д1абалахь халкъ а цуьнца ле.
Ненан мотт, хьо бехар бу сан ц1ийца,
Ас весет до меттан сий де, олуш.
Вайн ненан мотт йиш ма йаций хийца,
Мотт кхиабе безаш, оьшуш, лоруш!
Автор: Даудов Гилани
